Новости

25-го апреля 2024 года в ГБПОУ «ЧБМК» прошло мероприятие приуроченное ко дню празднования Чеченского языка

25 -г1а апрель «Нохчийн меттан де». Деза денош тайп – тайпана ду: хьехархойн, лоьрийн, студентийн. Ткъа хьенан деза де ду «Нохчийн меттан де?»- Нохчийн мотт буьйцуш а, 1амош а, и бийца лууш волчу х1ораннан а. «Мотт- ойланан дег1 ду»-олуш ду вайн, ткъа и ойла нийса йан, кхеташ хила веза, х1уманан нийса кхетам хила беза. Мотт,духар,г1иллакхаш – къоман сибат ду. И сибат лардеш верг иманца ву, шен мехкан хьакъволу къонах ву. Тахана ненан маттах хервелларг, кхана херлур ву шен халкъах, Даймахках, эзара шерашкахь къомах къам дина схьадаьхкинчу г1иллакхех. Шен мотт безар, шен 1адаташ ларар, шен къоман сий дар ду! Дала ницкъ,хьуьнар лойла вайна нохчийн меттан некъа т1ехь!