Новости

Нохчийн медицинин колледжан библиотекехь д1аяхьара рог1ера дарс. Коьчал: «Нохчийн мотт – сан дозалла».

«Мотт бийцарал а сов, ойлайар а нохчийн маттахь хила деза», – олу Нохчийн Республикин Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана. Муьлхачу къоман уггаре коьрта билгало, иза кхечукъаьмнех къастош дерг, цуьнан шатайпана гойтург мотт бу. Мотт-къоман культури бух бу. Мотт д1абаьлча, къам а д1адолу.  

Хьалха заманчохь мотт а, къам а боху дешнаш цхьанамаь1нехь лелаш хилла, 1илманчаша дийцарехь. Цо гойту мотт – къоман йуьхь а, са а хилар. Дуьненахь дехачу х1ора а къомана шен–шен мотт белла Дала. Къам кхечу къаьмнех къасточех коьрта билгало йу цуьнан мотт.

Мотт иза муьлхачу халкъан истории йу. Ненан маттал хаза а, сийлахь а х1ума дан а дац, хила йиш а йац. Массо а аг1ор бийца таро йолуш бу вайн нохчийн мотт.

Нохчийн мотт иза еха з1е йу, вайн дайшна вайн т1аьхь бог1арболчарна а йуккъехь йолу. Нохчийн меттан сий дан а, цуьнан чаккхе йоцу хазалла йовза а, тlекхуьчу тlаьхьене и дерриге а дlакхачо а Дала хьуьнар, ницкъ лойла вайна!